Ассаламу 1алайкум! Ма дика вежарий йижарий ду шу! Ма оьзда,г1иллакхе,собаре ду шу.Берана санна хаза хета аша лайкаш х1оттийча,хаза дош аьлча.Дела ,Элча,Эвлияаш,дай-наной реза хилла шуна,Аллах1а диканца бекхам бойла шуна! Дикачу белхашкахь долуш(той,саг1а,т1амехь вер ц1авеанчох,чувоьллинарг ц1авеанчохь йа саг1а доккхучахь )стоьла гонда хьанал кхача-саг1а дууш гойту вай и гал ма лара.Тезеташкахь йа вонехь и цалеллол кхетам белла вайна Дала.Шен хьекъал сов хетарг со санна 1овдал ву.Ша нахал лекхара хетарг Далла гергахь вониг ву.Вай вовшийн сакхаташ 1ора дохуш хила дезаш дац ,диканиг ойбуш хила дезаш ду.Нахаца магар,г1иллакхе хилар,оьзда хилар лойла суна.Бехк ма билла суна, сайна шу дукха деза