.Нана.." Дахарехь декхар тIедужий, Хазалла халонех юхкий, Доьзалехь марзо а лоьхуш, Еха хьо, сийдолу Нана. Доьзалехь башхалла йоцуш, Жима, я воккха ца къестош, Массо а цхьаъ санна хьоьстуш, Нийсо ахь лелайо, Нана. Вас хилча, бIаьргех хи дуьйлуш, Хьаьстича, дог ловза дуьйлуш, Балано кийрахь дог къуьйлуш, Ма экам ю-кха хьо, Нана! Кхачанах кийра ца бузош, ГIелъелча, йижа йиш йоцуш, ГIар хезча, набарх а юьйлуш, Даггара ехаш ю, Нана. ДоIанца Деле тхо доьхуш, Меца дIадийшарна кхоьруш, Цамгаро лацарна кхоьруш, Ма декъаза ю-кха хьо, Нана. Нана, хьан сийлалла юьйцуш, Къуръан чохь аят ду дуьйцуш… Дуьненахь хаза лар юьтуш, Сибат хьан диц ца ло, Нана. Дахарехь декхар тIедужий, Хазалла, могшалла, юхкий,