Аллах1-Дала марханаш къобалдойла, хьегна къа меле яздойла! Дала, юхашаренга а даьхна, уьш кхаба а, даста а иман-тавфикъ, могашалла а лойла! Дала иман-беркат совдоккхийла! Дала хьан базбарца, эзар-эзарнаш 1азапах хьалхабохуш, хьайна чохь дика 1амал йинарш вайн Далла гергахь юьхк1айчу х1иттор бу-кх ахь, х1ай сийдолу беркате Рамазан. Дала х1окху мархийн батте кхана дог1у долчу Къематан дийнахь бан ма-беззара лерам бина аьлла тоьшалла дайта пурба лойла! Хьалхара д1аяхана хьалхе декъал еш, т1аьхьара т1ейог1у йолу т1аьхье ирсе-беркате еш, Дала дуьне а, эхарт а декъалдойла вайн! ЛАИЛАХ1А ИЛЛАХ1, МУХЬАММАДУ РРАСУЛУЛУЛЛАХ1 олучу берриге а бусалба нехан барт цхьаъ бойла-кха, Везачу вайн Дала! Марша г