Цхьа стаг шен стунцахой болчу вахана хилла. Ламаз хан т1е ма
кхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цу хенахь ц1енкъа юккъе
текх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а беш стуннана хилла.
- Оллох1у акбар, - аьлла, охьатаь1аш воллу нуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сихха хьала а г1аьттина, шен дукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцо элира боху стуннене:
- Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах ца хилла.