
Левая колонка
Фильтр
Со дага вог1ий те хьуна, Наггахьа ойлане йаьлча, Хьо хьайца къамеле йаьлча, Хьайн даге ладег1а йоьлча Г1айг1ано сахьийзо доьлча… Со воцчохь хьан яхар хилла, Вайн довзаран т1аьхье ца хилла, Вайн некъаш кхечанхьа доьрзуш, Вовшашна вай генадевла, Делахь а хийра ца девлла… Тешаме вай хиллехь а вовше Кьастаран теш хила дезна, Ткъа наггахь хьо дагаеача, Марзло хьоь дог дехна зама, Деригге хетало эрна, Кхолламна т1ехваьлча санна… Йовзац-кха кху лааман къайле, Стенна сан дог дуьйлу девне, Ас хьоьга ойланехь хоьтту, Со дага вог1ий те хьуна?
На этом пока всё
Войдите в ОК, чтобы посмотреть всю ленту
9
- Хорошего настроения!67083 подписчика
- Мир Кино375903 подписчика
- ЧЕЧЕНСКАЯ МОЛОДЁЖЬ✔️75548 подписчиков
- Стихия156064 подписчика
- мир индийських фильмов65 подписчиков

