Дог 1овжош яг1ахь,сан 1ожалла кеста,чурт суна кеч делахь Доттаг1 ахь айхьа,хьай куьга даккхалахь доттаг1 сан лахьта,вай дезаш хилара дийцалахь мерза.Хьул делахь са дакъа т1е таси верта,генарчу новкъа со ваккхалахь оьзда,тиллалахь нохчи куй къоьжачу коьрта,барам са ца вухуш лацалахь онда,т1аьххьара б1аьрг тохий айъалахь верта,лахьти чу виллалахь оьзда,дагахь хьай къурдаш деш тасалахь латта,чурт нис деш куьг хьакхи,ц1ан делахь йоза.Оллалахь чурт довза кхелина шалта,коша барз тобелахь куьг хьакхи аьхна,верзалахь юьрта хьо доттаг1а т1аьххьара,каш доьвзи хьажалахь геннара хьайна,дош али хьасталахь г1ийла сан Дада,дог оьцуш хилалахь мискачу Нена,заманна йохалла виц ца ва хьажалахь,со санна т1аккха