Дуьненан бахамо корта хьовзийна, «Курачу» машенах сакъераделла, Шеца ян кечъелла нана човхийна, И охьайоссийна, кIант новкъаваьлла. Хилла вас, къурд бина, кийрахь лачкъийна, КIантана дIа тIаьхьа хьаьжира нана. Декъа куьг хьаькхна, шен бIаьргаш бакъийна, Элира: «Некъ дика бойла хьан Дала!» Цу сарахь чехкаллехь машен харцийна, «КIант вийна», аьлла кхаъ юьрта чу беъна. И шен кIант ву моьттуш, нана Iадийна, Орцанна хьаьддачохь, йоьжна, дог сецна. «Курачу» машена тIаьхьa цIа веъча, КIантана ца гира ков лардеш нана. Шекваьлла, ладоьгIча, белхарш хезча, Кхийтира дIаяьлла хиларх шен нана. Боху цо: «Дицдинарг тIехIоьтти тахна, Хийла хьан юьхь ца еш, лийлира веха. Вайн Деле со воьхуш, нана д1аяхна, ХI