Массарел дукхаеза кхоьллина нана,
Дуьненан меха хета хьо, нана!
Оьгlазло яц хьан тlаьхье йолуш цкъа а,
Ехийла, ирс долуш, хьо даима суна.
Бlаьргаш чуьрчу йовхоно кийрара дог дохдо,
Буьйцучу матто дог ловзадоху.
Нанас йина чов лаза ца лозу,
Цуьнан сий динарг лорур ву махко!
Вайн вовшийн цкъа а вуон ма гойла,
Дахарехь замано хьо ирсе йойла,
Нагахь ас вас йинехь, къинтlераяла,
Декъала хила хьо, со йина нана.