Йа АллахI, хIай Къинхетаме верг, хIай сийлахьаллин Да верг, хIай возаллин Да верг! Хьо везаш, Хьоьгара дика дезаш, Хьан ялсамане езаш, Хьан къинхетаме догдохуш, Хьайх тешаш, Хьайн новкъахь халонаш ловш, гIело ловш, шайн догIмаш ца кхоош, шайн синош ца кхоош, шайн динах ца бухуш, шайн сий лардеш, Хьайна доьхьал баьхкинчу тхан йижаршна а, вежаршна а гечде Ахь, къинхетам бе Ахь! Царна тIегIон долчу тхуна, Хьайн гIийла лайшна, гечде Ахь, къинхетам бе Ахь. Тхан массеран Iамалш Хьайн доьхьа йе Ахь, къобал йе Ахь.