Хьуна моьтту, велакъежча,
Хьалха санна еза хьо.
Г1иллакх лаьцна новкъахь сецча,
Юха хьайна туьйсу го.
Моьтту, айхьа дуйнаш диъча,
Шолг1а теша кийча ву,
Я букъ тоьхна лаьтташ гича,
Сайга хьажа бохур ду.
Бакъду, хилларш даг чохь лаьтта,
Шалха некъаш диц ца ло.
Амма дерриг лов ас атта.
Керла седа суна го.
Малхо дуьне серладоху,
Даго маьршша бетт1а т1ам.
1алам делош, 1уьйре йог1у,
Денна хазло дахар са.
Мотта эшац,велакъежча,
Хьалха санна еза хьо
Ойла тесна новкъахь сецча,
хьайна шолг1а туьйсу го.:):):):):)