ГЕЧДЕЛАХЬ, НАНА!
Сан нана, хьо стенна ойлане йоьжна,
Кийра хьан богу те г1алат сох доьжна?
Резаеш со ц1ергахь вага ву кийча,
Дог а ду детталуш довхачу ц1ийца.
Амма го хеназа къежбелла корта, Халонаш дахарехь лайна ахь шорта,
Нана, хьан дикалла кхачаяц йийцарх,
Дешнашца ларавац безам хьоь бийца.
Хийла сох гIалатло йоьжна а хир ю, БIаьргех хи даллал дог Iовжийна хир ду,
Делахь а, нана, сох къинхетам белахь,
Дийлинчу гIалатийн хьесап ма делахь.