Цхьана несо шен марвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана т1аьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда:- Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ.Цунна т1аьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча:- Вай дела, хьо-м къонах ма вац, - аьлла.Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна:- Со къонах воцийла хьуна муха хии?Зудчо жоп делла:- Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, - аьлла.