Генахь ву со, Нана, Юкъахь неха-нахан. Хьан юьхь-сибат амма Даима суна хьалха. Лиънера суна, Нана, Хьуна тIекхача маса, Тенбан лозу кийра, Муьйлуш хьан марзо. Хаац суна-м, Нана, Мел дIагIур ю зама, Лай-чимаш а санна Мохо идош дIа. Нана, хьоме Нана, Гур дуй-те вай цкъа а. Так же пишут : ↯Сан хьоме нанаНана!