Валар ма ду хьуна, нисса хьан кугашкахь
г1амарлахь, лаьттaца ийлур хьо т1улгашкахь
шеко а яц хьуна, дог1ур ду де ирча
хьо вехач х1усаме, хилалахь кийча
Варилахь, варилахь, диканца вахалахь
т1аьхьарниг ца кхоош, саг1анаш дахалахь
бусулба некъа техь, гуттара хилалахь
буо берий дог оьцуш, къиной мохь байбелахь
Гергарниш та белахь, лулахой хам белахь
доьзалехь барт белахь, да нана ларалахь
Инкарло д1а якхи, хьо мерза хилалахь
ламазца, мархийца волуш са дахалахь!!
Закатна б1аьрмециг хила ма г1ерталахь
оьг1азе, довхошна аг1о ма бетталахь
Къинт1ера валалахь, къинт1ера бахалахь
хьай доцу латта т1ехь, гота ма ахалахь
Къаста деш хилалахь, хьарам а хьанал а
комаьрша хилалахь, боцуш шен барам а
Валлах1и