Кху дуьненахь массаьрца а къинхетаме волчу, Къемат-дийнахь иймандиллинчаьрца къинхетаме хир волчу Аллах1ан ц1арца...Субхьаналлах1!Я Аллах1, ларвелахь со сайн къинойн балех, йоккхачу дакъазаллех, эхартан 1азапах.Ларвелахь со сийсазвоккхур волчу амалх, суна зен дохьучу доттаг1чух, Хьоьх херавоккхучу сатийсамех, Хьо вицвийр волчу къоьллех, со х1аллаквийр волчу бахамах а.Я Аллах1, Хьайна дукхабезачу лешна делларг лолахь суна, Къемат-дийнахь Ахь Хьайн юьхь соьх д1ахьовзочу вонах ларвелахь со, бусалба а волуш валар лолахь суна, бусалба а волуш г1аттавелахь со.Хьайн къинхетам белахь соьх.Хьайн 1азапах ларвелахь со.Со дийна мел ву ларве Ахь со, Айхьа хьайн леш ма-ларбарра, веллачул т1аьхьа Хьайн къи