«ДIа ма гIо,
Нана, доьху хьоьга аса,
дIа ма гIо…
Хьо ма сиха
Къежйо, тишйо дахаро.
ХIора денна гена юьйлу,
Сан дог Iийжош, нана, хьо.
Со хIара дуьне оьшуш вац
Йоцуш хьо.
Нана, нана,
Кху дуьненахь
хьол а мерза хIума дац,
Хьуна хьалха
Со сайн декхар текхна
цкъа а вер ма вац,
Нана, нана,
Доьху хоьга суна дукха яхалахь,
Вижа лахьта дац ма боху
хьо къинтIера ца ялахь.
ГIелъелла.
Лела халла синош дохуш
тахна хьо,
ДIа ма ели
Жимчохьлера хаза хан.
Хьо къанлур яц моьттуш цкъа а
Со ма лелла дахарехь,
Ма гIохьа дIа,
Сох къаьстина, нана, хьо.
Хьох хервина, лела – с
о дIавигна къизчу замано
Нана, нана,
Гена махкахь
со ларво хьан безамо.
Хьоме нана,
ХIун де аса
хьан дог хьаста,алахьа,
Вижа лахьта да