Ма белха, сан ши б1аьрг, шу х1унда боьлху,
Ма делха, кийрара дилхи дог, суна
Тоьур бу заманна соьгара бала,
Стигланеш елхаял, латтанаш дашол.
Ламанах схьадуьйлу и шийла шовда,
И малалур доцуш бала бу кийрахь.
И бабин жима к1ант везначу суна,
Ц1е ели елара кийрарчу дегах.
Сан яхар хир дуй-те везначух яьлчи?
Со яха лур юй-те кхечуьнга яхчи?
Ас витчи, ца вуьту кийрарчу даго,
Ас витчи, ца вуьту нуьре б1аьргаша.