Предыдущая публикация
Мечеть♥гелдаганская♥HEHAM TV

Мечеть♥гелдаганская♥

1 дек 2014предложил 
HEHAM TV

IУМДАТУЛ-АХЬКАМ: Витар ламаз дуьйцу дакъа

15.07.2013 г.
121. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Цхьана стага, минбар тIехь волучу Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Буса тIедеш долу (суннат) ламазаш (муха дан деза)?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «(Буса деш долу ламазаш) шишша (ракаIатехь нисдан дезаш) ду. Нагахь шух цхьаъ, Iуьйре хиларна кхоьруш, сагатдан волахь - цхьа ракаIат ламаз дан деза цо, ткъа (оцу цхьана ракаIато цо) дина хилла цуьнан ламазаш шалза терахье дохур ду». Цо олуш хилла: «Буса тIаьххьара деш долу шайн ламаз – витар хилийта»» (ал-Бухари: 998, Муслим: 751).
122. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса муьлххачу а хенахь шалза терахьехь тIедеш долу (витар) ламаз дора. Буьйсанан юьххьехь а, юккъехь а, чаккхенгахь а, сатаса йиссинарг дукха хан йоцуш, дерзадой волура иза» (ал-Бухари: 996, Муслим: 745).
123. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса тIедеш долу ламазаш кхойтта ракаIатехь дора. Цул сов тIаьххьара пхи ракаIат, тIекIел деш, витар дора цо. Аттахьиййат деша тIаьххьарачу ракаIатехь бен охьа а ца хуура иза» (Муслим: 737).

Нет комментариев

Новые комментарии
Для того чтобы оставить комментарий, войдите или зарегистрируйтесь
Следующая публикация
Свернуть поиск
Сервисы VK
MailПочтаОблакоКалендарьЗаметкиVK ЗвонкиVK ПочтаТВ программаПогодаГороскопыСпортОтветыVK РекламаЛедиВКонтакте Ещё
Войти
Мечеть♥гелдаганская♥

Мечеть♥гелдаганская♥

ЛентаТемы 75Фото 116Видео 14Участники 195
  • Подарки
Левая колонка
Всё 75

Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного

Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.

Зарегистрироваться