Фильтр
Закреплено
  • Класс
Рассказы Орцуевой Малики.
Нана Нашха.
Нана Нашха - нохчийн ага,
Деза совгӏат Делера.
Хийла мостагӏчо хьо йагий,
Вогӏий тӏамца арара.
Йерда-Корта, Нахча-Хазе,
Йай лаьттина Моцкъара,
Чӏармаха, Тӏийста, Гӏой-Хьийзагха,
Нах багийна Хьайбаха.
Йацеб-Коьртан когашкара
Са хадийна, чкъуг йетташ,
Гих-хи догӏу Хийлахара,
Мокхаз даккхаш хедадеш.
Лекха хьаннаш, бецан цанаш,
Тӏулгийн лекха ламанаш.
Шира бӏаьвнаш, маьлхан кешнаш,
Шал а шийла шовданаш.
Турпал Нохчо кхузахь ваьхна,
Нашхойн лаьттан да хилла.
Дерриг нохчийн тукхам-тайпа
Кху махкара схьадаьлла.
Болат-туьрах суйнаш санна,
Керла мехкаш луьйцуш схьа,
Дуьне ма-дду уьш баьржира,
Дайн кхерч тесна генна дӏа.
Нана Нашха! Хьан сий дойла
Везачу Дала даимна!
Адамех йузуш, хь
Стихи Апти Бисултанова
Стихи Орцуевой Малики
*Дезачу жовхӏаран мах*
(дийцар)

_Орцуева Малика_


Цхьана юьртахь ехаш хилла хазаллина махкахь гӏараяьлла, Хандута цӏе йолу йоӏ. Нанас "малхал а, зезагел а хаза ю хьо" бохуш, "гӏийлачу, къечу нахаца лелийначу гергарлонех бала пайда бац" бохуш, луларчу берашца ловза а ца йохуьйтуш, кхиийнера иза, тӏехь да а воцуш. Хандутин да юьртахь уггаре а хьал долуш стаг вара. Амма йоӏ жима йолуш, цӏеххьана кхеттачу цамгарх дӏакхелхира иза, шортта бахам буха а буьтуш шен доьзална. Нанас коча ӏамийнера йоӏ, гӏуллакхех а, халонех а лар а еш.
Хӏора ӏуьйранна малх схьакхетча, цунна дуьхьал а йоьрзий, къамелаш деш, малхаца хазалла къуьйсура Хандутас, "соьл хаза хӏун хир ду кху дуьнен чохь" бохуш. "Ахь
✔аккази - акация;
✔акха балл -
дикая вишня;
✔акха кхор - дикая груша (с маленькими плодами грушевидной или яблоковидной форм);
✔акхтарг - тополь серебристый;
✔бага - лиственница;
✔база - ель, ёлка;
✔балг/аш - земляная груша, топинамбур;
✔балл - вишня, черешня;
✔бочабӏар - грецкий орех;
✔бӏар - орех;
✔бӏаьлланг - орешник;
✔вирбаӏ (ӏонтӏазхьоькхург) - чертополох;
✔гӏаргӏа - тополь пирамидальный;
✔гӏундалгӏи - чёрная бузина;
✔дагӏ - вяз шершавый;
✔дакх - берёза;
✔датта - рябина;
✔динберг - подорожник;
✔дуушто, дуушту - ясень (со съедобными плодами);
✔жӏаьлийн нускал/ш - грибы;
✔зез - сосна;
✔кока/наш - тёрн;
✔коканийн коьллаш - терновник;
✔кхоткъа - люцерна;
✔къахк - клён полевой;
✔къахьашту
*Дас делла хьекъал*

(Дийцар)

_Орцуева Малика_


Сентябрь-бутт сиха тӏекхечира.
Iуьйранна школе даха арадевллачу берийн яххьаш тӏехь гора сиха чекхяьллачу аьхкенан гӏайгӏа. Туьканан хьожа дӏа а ялаза йолчу церан керлачу мачийн айрех летара шайн гӏора дӏадаьлла, кхин дахаран хьесех тийсадала ницкъ ца кхаьчна, охьаэгна, гуьйренан можа гӏаш.

Лаьмнийн баххьаш серладохуш, схьакхетта малх стиглахь дикка лакха а баьлла, къегара. Асетана схьахезаш яра арахь юх-юха кхуьйкхуш йолу, ша кӏорни долуш дуьйна кхиийна, «Инарла» аьлла, цӏе тиллина йолу нӏаьна. Амма дешархо меттара хьалагӏатта мало еш яра. Сарралц уьдуш лелла, гӏелйелла, дегӏ метта ца догӏуш ӏара и, гӏайба мара а боьлли
*Нохчийн мотт*
_Орцуева Малика_

Нохчийн мотт —хӏун мотт бу? -
Хаьттир соь замано. -
Ахь базбеш буьйцу и,
Ца еш кхин гӏалатло,
Ахь стигла боху и,
Дӏабоь и бошмашкахь,
Шовданан хи детташ,
Кхиабо лаьмнашкахь?

Нохчийн мотт - хӏун мотт бу? -
Хаьттир соь ӏаламо -
Ахь ойуш буьйцуш и,
Тхан дегнаш лаладо,
Шен хазалла гойту цо
Къегинчу дешнашца,
Ма зевне бека и
Иллешца, эшаршца!

Ойла а йина, ас
Царна жоп делира -
Бу, шуна, нохчийн мотт
Тур санна ва ира,
Дай сийсаза бинариг
Цо сийсаз ваьккхина,
Харцонаш лелийнарг
Махкаха ваьккхина.

Шен бакъо эшийна
Нохчийн мотт къарлур бац.
Къонахий кхачийна
Тхан къоман лар йовр яц.
Ма зелаш нохчийн мотт,
Юьхьӏаьржо ца езахь!
Биц ма бе ненан мотт,
*НЕНЕ САТИЙСАМ*
_Куржан Горчханова_

Йолахьа гӏенаха, тхан хьоме нана!
Хьастахьа эсалчу бӏаьргашца тхо!
Ма кӏезиг ийци-кха хьоьх марзо оха!
Хьайх хьега тхо дуьтуш дӏаяха хьо.

Мел хьоме хета-кха дагчохь хьан амат,
Ма мерза хилла-кха ахь олу дош.
Ма йоца хилла-кха ахь ехна зама.
Тӏекхаьчча хӏуъа а хилла-кха ловш.

Ахь дора даимна диканиг хьехар.
Нийсачу новкъа тӏе хӏиттадеш тхо.
Ахь кхиий тхан дагчохь
дахаре безам.
Хьоьх йолу ойланаш кхача ца ло.

Когаш тӏе хӏиттабан доьзал хьайн хьомсар,
Хьайн дегӏ ца кхоош, ахь халонаш лайна.
Ма доца хилла-кха хьан гӏийла дахар.
Ехар ю дегнаш чохь,
къан а ца луш, даимна.

Дӏайоьду хьо, зама, хьегадеш тхо ненах.
Итт шо а дӏадели и йоцуш тхоьца.
Йиц
Показать ещё