ХIоруш Iуьйранна а суьйранна доьшуш долу Азкараш ду, Ткъа, Iуьйрехь доьшуш долучу азкарийн хан Iуьйран-ламаз диначул тIаьхьа малх схьакхетталц ерг ю. Ткъа сарахь доьшучу азкарийн хан, малхбуз-ламаз диначул тIаьхьа маьркIаж-ламаз хан хиллалц ерг ю. Сарахь доьшуш долу азкараш, мелла а маьркIаж-хене дIа а теттина, дешча дезох ду. Амма нагахь малх хьала баьллачулла тIаьхь бе сам валар ца нис деллаьхь, я сарахь маьркIижал тIаьхьи бен ца нис деллаьхь цу хен дешаъ мегар ду ца доьшуш дуьтачуьлла.
ХIокху Азкарашха хIора а Пайхмаран хьадисашкахь ше-шен бух а болуш ду. Царех хIоранна а ше-шен дозаллаш а ду хьадисашкахь дийцина. ХIара азкараш Iуьйранна а, суьйранна а АллахI дага а воуьйтуш, АллахIан т