Абу Хьузайфа а, Абу Зарра а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша дIавижа воьдучу хенахь гуттар а олуш вара аьлла: «Хьан цIарца, я АллахI, лан а ле со, (цуьнца) ден а ло со!» («Бисмика, АллахIумма, амуту ва ахьйа»). Ткъа ша самаваьлча олуш вара иза: «Хастам бу АллахIана - вай деллачул тIаьхьа дендина волучу1[1]. Цуьнга доьрзур долуш а ду вай!» («Алхьамду лиллáхIиллазú ахьйанá баIда мá амáтанá ва илайхIиннушýр») (Бухари, 6312).
[1] Вуьшта аьлча: вайна Iожаллин ваша лоруш йолу наб яийтина волучу.