Предыдущая публикация
все темно, и
слышать, где все
тихо. Во тьме
увидишь свет, в
тишине услышишь
гармонию.


Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 49
ЭРСНОЙ
Доккха ду нохчмахкхойн тукхум,
Эрсной ю цу тукхум ц1е.
И нохчийн тайпа ду доккха,
Къонахийн тайпа ца ле.
Эрсаной лаьмнашкахь 1ийна,
Вайн Ден- Дай шираллехь шаьш.
Тайпанаш х1инца д1аийна,
Ламк1ажен лахенашкахь.
Дуккхачу ярташкахь бехаш,
Эрсанойн оьздалла гуш.
Къонахий шортта бу лелаш,
Деза дукъ белшашт1ехь хьуш.
Эрсанойх масала оьцуш,
Церан камаьршалла гуш.
Цаьрца шайн баланаш боькъуш,
Кхин тайпаъ хилла кхуьуш.
Делахь а нохчий ду массо,
Х1оранна харжа некъ бу.
Амма вайн Эрсаной тайпа,
Шираллехь некъ кхехьна ду.
Дера ду тур текхош лелла,
Нах боцурш д1ахербеш шайх.
Сийлалла Эрсанойн хилла,
Дош дисна ала шайн Дайх.
Эрсной бу Шелахь а шортта,
Мартант1ехь, Гуьмсехь а бу.
Диканна- вуонна бу г1овтта,
Эрсаной оьзда нах бу.